Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла ца го те сан некъаш, массо а сан гІулч Цо ягар ца йо те? Таллам боцуш Цо ницкъберш а хьоьший, церан метта кхинаш дІахІиттабо, qac Шqac*адерг сан некъаш Хьуна хьалха хиларна, Хьан омранаш а, бакъонаш а ларйо ас. Дарбане мотт – дахаран дитт ду, ткъа харц луьйш болчу матто адаман дог дохадо. Цара мел деш дерг Суна гуш ду. Цаьрга цхьа а хІума Сох къайладаккхалур дац, церан къинош Сан бІаьргаш хьалха лаьтташ ду. Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гІуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бІаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хІоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггІург дІало. Царна дага а ца догІу Суна церан зуламаш дерриг а дагахь хилар. Шаьш динчу зуламаша хІинца го бина царна. Церан къинош Суна хьалха ду. Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.
Выбор основного перевода