Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера, Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера. Цара хьоьга иштта ала мега: «Вало тхоьца, цхьаннан цІий Іано кІелховшур ду вай. Цхьа а бахьана доцуш, бехк боцург вен кІело йийр ю вай. Ас шайна дина хьехарш аша дІатеттира, ас боху нисдар аша тІе ца ийцира. шуна хаарш ца дезна дела а, Везачу Эле ларамах дуьзна хила шуна ца лиъна дела а, Ша нисвар дезаш волчунна хаарш а деза, ткъа шена тІехбеттам бар ца дезарг сонта стаг ву.
Выбор основного перевода