Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІубдаран ши йоІ ю, цара гуттар а боху: «Схьало, схьало, схьало». Кхо хІума ду, цкъа а дузур доцуш, «Тоьар ду!» цкъа а эр доцу диъ хІума ду: Иза адаман каш а ду, бер ца хуьлу зуда а ю, догІа даре сатуьйсуш долу дакъаделла латта а, иштта йогуш йолу цІе а ю, цкъа а «тоьар ду» эр доцуш йолу. Массо а гІуллакх саццаза дІаоьху, Дийца долчух дерриг а цхьаьнгга а дийца лур дац. Хьежарх бІаьрг а бузур бац хьан, ладегІарх – лерг а дузур дац. Я кІант, я ваша а воцуш, ша вуьсу стаг. Цуьнан гІуллакхийн чаккхе а ца хуьлу, ткъа цуьнан бІаьргаш хьолах а ца бузу. Хьанна до те цо и гІуллакхаш, шен са ирсах а доккхуш? Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума а, гІайгІане болх а бу. Иштта, чагІаро Іехаваре терра, курачу стеган синтем ца хуьлу. Цуьнан сутаралла, эхарт санна, шуьйра ю, Іожалла санна, цкъа а Іебар вац иза. Цо дерриг а къаьмнаш шена тІе схьагулдо, массо а халкъаш шена йийсаре схьадаладо“».
Выбор основного перевода