Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кемсийн беш а йоьгІна, цунна тІера стом схьа ца баьккхинарг а шен цІа юхаверза. ХІунда аьлча иза тІамехь лахь, кхечу стага пайда оьцур бу цуьнан кемсийн бешах. Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гІуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кІеззиг долчу ахчанах. ХІинца аса хьуна кхин а доккха гІуллакх тІедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цІа чохь: иза, хІусамдас вукху ялхошна тІехь куьйгалла дан а хІоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву. Декъала ву иза, шена тІедиллина гІуллакх деш а волуш, цуьнан хІусамда цІа кхаьчча. Бакъдерг боху шуьга: хІусамдас иза берриг шен бахамна тІехь куьйгалхо хІоттор ву. ХІусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кІезигчу хІуманна тІехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кІел итт гІала ло ас“. Цундела вай вешан Пасахьан дезде даздан деза мекарлонца а, зуламца а доьзна долчу, ширбеллачу муьстачу бедаца а доцуш, ткъа догцІена хиларца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а доьзна долчу совсоза динчу баьпкаца. Муьлххачу тІемалочо, ша эскарехь гІуллакх дечу хенахь, ша-шен гІайгІа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дІа а йоьгІна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Іуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу?
Выбор основного перевода