Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Іибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц». Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна, ткъа КІант Дена бен ца вевза. Да а ца вевза КІантаний, Цунна Да вовзийта лиъначунний бен. Іийсас, тІе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла. Сан Дас Суна луш мел дерг Суна схьакхочур ду, ткъа Сайна тІевогІург Ас дІаэккхор вац. Дерриг а цуьнан когашка охьадилли Ахьа». Дерригенна а тІехь цуьнга олалла дайтича, Дала цуьнан кара ца дерзош хІумма а ца дитина. Ткъа цкъачунна тхуна ца го дерриг а цуьнан карахь хилар.
Выбор основного перевода