Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Деших а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а ийпад цІе йолу тІехула юху бедар говзаллица кечъяйта цаьрга. Дашо беттанаш чохь деза тІулгаш дахка безачу тІоьрмагна тІе беа могІарехь. Цхьана могІарехь рубин а, топаз а, изумруд а хилийта. Безачу тІоьрмага тІе дахка Урим а, Тумим а олу деза тІулгаш. Везачу Элана хьалха АхІарон хІуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хІун дан деза билгалдаккхаран хІуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхІарона». Микин шен делан цІа дара. Цо ийпад а, цІуш а бира. Цул тІаьхьа цо, шен кІенташна юкъара цхьаъ къобал а вина, цунах динан да вира. Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а, шеран деза денош даздар а, бутт цІинбаларан денош даздар а, шоьтан денош ларар а – дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу. Цара Везачу Элана чагІаран сагІа дуттур дац. Иза резавархьама, дийнатийн сагІанаш даха церан таро хир яц. Церан бепиг Везачу Элан цІа чу дахьа таро йоцу Дела, иза Далла хьалха боьха хир ду, и бепиг церан гайна бен кхача хир бац. И бепиг диънарш массо а Далла хьалха боьха хир бу, тезетахь дууш долу бепиг иза долуш санна. Исраилан халкъ токхе таьлланг санна дара, рогІ-рогІехь стом луш долу. Шен стоьмаш а, ялта а алсамдаларе терра, цІушна сагІа доккху меттигаш а алссам кечйора цо. Шен лаьтто кхиийнарг совдаларе терра, кхечу деланашна хІиттийна тІулгаш а алссам хаздора цо. Мичахь ву хьан паччахь хІинца? Цо хьо кІелхьардаккха ца дезара те? Массо а хьан гІаланашкара хьан куьйгалхой мичахь бу? Царах лаьцна ма элира ахь: „Лохьа тхуна паччахь а, хьаькамаш а!“ Аса паччахь велира хьуна Со оьгІазвахханчохь, ткъа, Со дарвелча, схьа а ваьккхира иза. ЦІуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гІенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагІий санна, тилабелла лела. Царна гІело а йо, царна тІехь Іу воцу дела.
Выбор основного перевода