Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза. „НеІалт хуьлда шен да я нана сийсаздаьккхинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ Дауда элира: «Хьайн Іожаллина хьо-хьуо ву бехке, хІунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“». Сан дена Даудана ца хууш, шел дуккха гІоле а, дог цІена а волу, цхьа а бехк боцу ши стаг, тур тоьхна, вийнера цо. Уьш бара исраилхойн эскаран хьаькам хилла волу Неран кІант Абунар, яхІудхойн эскаран хьаькам хилла волу ИтІаран кІант Іамасаъ. Дала аьлла ма ду: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза“.
Выбор основного перевода