Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта шаьш боьха хуьлуьйтучу хІуманех исраилхой къостуьйтур бу ахь, царна юкъахь долу Сан цІа сийсаз а деш, шайн боьхачу хІуманашца уьш ца балийта. Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо муьлхха а цІийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгІазло яссор ю цІий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дІа а эккхор ду. Мулка-далла сагІа даккха хьайн бераш дІа ма ло, хьайн Делан цІе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. Иштта дийна волчу Сайх чІагІо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цІушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гІуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дІахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш. Суна дуьхьал а бовлуш, кхин а иштта хІуманаш дора цара: оццу хенахь цара Сан еза меттиг бех а йора, Суна лерина шоьтан денош сийсаз а дохура. Шайн бераш шайн цІушна сагІина даьхьначу дийнахь, цара Сан еза меттиг, чу а бовлий, сийсазйоккхура. Иштта лелара уьш Сан цІа чохь.
Выбор основного перевода