Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилхошна тІедилла чкъураца дІа ца йоьрзу цамгар ерш а, дегІах тІуналла схьаяьлларш а, веллачух хьакхабаларна Далла гергахь бехбелларш а берриге а шайна юкъара дІалахкар. Везачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна цуьнан дас цунна юьхь-дуьхьал туй тоьхча, ворхІ дийнахь юьхьІаьржачу хІоьттина Іан ца дезара цуьнан? ХІинца ворхІ денна меттаматтана арахьа яккха иза, цул тІаьхьа иза юхаерзо мегар ду». Марема меттаматтана арахьа ворхІ де даьккхира. Иза юхаяккхалц, халкъ новкъа ца делира Шайна тІехь дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу виъ стаг вара гІалин кевнехь хиъна Іаш. Цара вовшашка бохура: «Кхузахь ваьш даларе ла а доьгІуш, хевшина Іийна хІун дийр ду вай? Везачу Дала иштта дира, хІунда аьлча Дауда гуттара а Далла нийса хетарг лела а дора, ша мел веха а Дауд цкъа а Везачу Элан весеташ тІера дІа ца велира, хьетахо волчу УръяхІуна ша динчу цхьана хІуманна тІехь доцург. Иза цхьана юьрта чувулуш, Цунна дуьхьалкхийтира дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу итт стаг. Геннахь севцина,
Выбор основного перевода