Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІароне а, цуьнан шина кІанте, ЭлиІазаре а, Итамаре а, Мусас элира: «Сингаттаман билгалонна шайн коьртара месаш низам доцуш ма хилийта, духарш а ма этІаде, шаьш ца далийта а, халкъана тІе Делан оьгІазалла ца яийта а. Амма шун вежарий долу дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло латийначу цІеро багийначарна тийжа мегар ду. qac Пqac*аргІат мохь хьоькхура царна тІе: «ДІасахила, Далла хьалха бехделларш! Тхох ма хьакхало!» – бохуш. ТІаккха уьш, боха а бухий, дІасабовлура. Ткъа наха шайна юкъахь олура: «Уьш кхин хир бац вайна юкъахь». Цхьанна а ца хозуьйтуш, даккхий синош даха, чІогІа тийжа а ца тийжаш. Хьайн коьртара чалба дІа а ма яста, мачаш кога а юха, хьайн маж къайла а ма яккха, тийжаран кхача а ма баа». Ткъа аша Яхьазкхиала диннарг дийр ду: шайн мажош аша къайлайохур яц, тийжаран кхача а аша буур бац. Хиндерг хуучарна эхь хетар ду, палтуьйсурш а юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Цара массара а шайн батош дІакъовлур ю, хІунда аьлча царна Делера жоп хир дац».
Выбор основного перевода