Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира. Аса хьан цІе хуьйцур ю: хьан цІе Ибрам хир яц, ИбрахІим хир ю, хІунда аьлча Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вийр ву. Ткъа Дала, чІагІо еш, элира Ша ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тІаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тІаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг. Ас бохург хІара ду: диъ бІе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чІагІо дІа а ца яьккхира Дала. Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чІагІо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахІимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чІагІо ярна делла.
Выбор основного перевода