Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисархоша шайн хьаькамаш хІиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаІамсас а цІераш йолу гІаланаш йира исраилхоша пирІунна, шайна чохь тІаьхьалонна хІума латто. Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. ПирІунан хьадалчаша исраилхошна юкъара хаьржинчу белхан куьйгалла дечу нахана еттара: «Хьалха йинччул, селхана а, тахана а кибарчигаш хІунда ца йо аша?» – бохуш. Оцу исраилхоша, пирІунна тІе а баьхкина, арз дира: «Хьайн лешна иштта ницкъ хІунда бойту ахь?
Выбор основного перевода