Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойн къаноша хьоьга ладугІур ду. Уьш а эций, пирІунна тІегІо. Аша цуьнга ала: „Веза Эла, Іебархойн Дела, веана тхо долчу. ДІахецахьара ахь тхо, кхаа дийнахь яьссачу арахула дІа а дахана, Везачу Элана, тхайн Далла, сагІа даккха дезаш ду тхо“. Ас боху хьоьга: ‘ДІахеца Сан кІант, иза Суна Іибадат дан дезаш ву. Ахь иза дІа ца хецна дела, Ас хьан дуьххьарлера кІант вуьйр ву’“». «Берриш а гІур бу, – жоп делира Мусас, – жима а, воккха а. Тхайн кІентий а, йоІарий а, тхайн кегий а, даккхий а даьхни а эцна гІур ду тхо, хІунда аьлча Везачу Элана лерина деза де ду тхан».
Выбор основного перевода