Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Говзачу балхаца некха тІе уллу беза тІоьрмаг а бе. Ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эхангах а, дуткъачу кІадих а йина хила еза иза а. ЕакІов а, шалха а хила еза иза, йохалла а, шоралла а цхьа ше а йолуш. Дашо беттанаш чохь деза тІулгаш дахка безачу тІоьрмагна тІе беа могІарехь. Цхьана могІарехь рубин а, топаз а, изумруд а хилийта. ШолгІачу могІарехь карбункул а, саппир а, алмаз а хилийта. КхозлагІчу могІарехь яхонт а, агат а, аметист а хилийта. БоьалгІачу могІарехь хризолит а, оникс а, яспис а хилийта. Дашо беттанаш чу хІиттийна хила деза уьш. ТІулгаш шийтта хила беза Исраилан шийтта кІентан цІарах. ХІора тІулга тІехь, мухІарна тІехь санна, Исраилан тайпанийн цхьацца цІе язйина хила еза. ЦІеначу деших юьйцина зІенаш е безачу тІоьрмага тІе таса. Дашо ши чІуг а яй, безачу тІоьрмаган шина маьІІе дІатаса уьш. Юьйцина ши зІе оцу шина чІагарх дІатаса. Шина зІенан важа ши юьхьиг хьалхарчу агІор долчу ийпадан гурашна тІехь йолчу шина баттах дІатаса. Дашо ши чІуг а яй, безачу тІоьрмаган чухуларчу, ийпадна уллохь йолчу шина маьІІе дІатаса уьш. Ши дашо чІуг а яй, безачу тІоьрмагна чухула ийпад йолчу агІор дІатаса уьш. Кхин а ши дашо чІуг а яй, ийпадан гурана лахахьа, хьалха агІор, доьхкарна тІехула дІатаса уьш. Беза тІоьрмаг шен чІагаршца сийначу эханган тІергаца ийпадан чІагарех дІабехка, ийпадан доьхкарна тІехула а болуьйтуш, ийпадах дІа а ца къостуьйтуш.
Выбор основного перевода