Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн вешина АхІаронна деза духарш де, цуьнан сий а, ларам а айархьама. Цу балхана Ас похІма деллачу говзачу нахе дІаала, Суна гІуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхІаронна духарш кечде алий. Цара кечдан деза духарш хІорш ду: некха тІе уллу беза тІоьрмаг а, ийпад а, тІехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кІадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дайта, Суна гІуллакх деш динан дай уьш хилийта. Пхьерашка деши а, сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эханг а, дуткъа кІади а схьаэцийта. динан дайн деза духарш а (Іамал ечу хенахь динан да волчу АхІарона а, цуьнан кІенташа а тІедуха дезаш долу деза духарш), Делан четарна чохь гІуллак деш тІедуха дезаш долу деза духарш а (Іамал ечу хенахь динан да волчу АхІарона а, цуьнан кІенташа а тІедуха дезаш долу деза духарш)». Шен долчо сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эханг а, дуткъа кІади а, газанан тІаргІа а, цІен басар хьаькхна йолу уьстагІийн цІоканаш а, хІордан дийнатийн кІеда тІаьрсиг а дахьара. Массо а говзачу зударша шайн куьйгашца хьовзийна сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эханг а, дуткъа кІади а дахьара.
Выбор основного перевода