Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Адаман йиш юй Далла хьалха бакъахьара хила? Цуьнан йиш юй ша Кхоьллинчунна хьалха цІена хила?“ Боьхачунах цІенаниг схьавер вуй? Вер вац. Адам хІун ду, Далла хьалха ша цІена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта? Дела Шен дезачу маликех а ца теша, Цунна хьалха стигалш а цІена яц. Ткъа дегаза а, телхина а долу адам мила ду, хи молуш санна, вонаш деш лелаш долу? нагахь санна маьлхан къегаш хиларе а, беттасин сийлахьчу боларе а хьоьжуш, Хьайн лай волу со кхеле ма вигалахь, хІунда аьлча дуьнен чохь вехарг цхьа а Хьуна хьалха бакъ вац.
Выбор основного перевода