Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан ардангаш суна тІегІерта, шайна некъ а боккхуш, цара сан четарна го бина. Онда ницкъ болуш долчу а, Цуьнан дош кхочушдеш долчу а массо а маликаша декъалвойла Веза Эла, Цуьнан дашна муьтІахь а хуьлуш. Цуьнан лаамаш кхочушбеш болу ялхой болчу стигалийн массо а ницкъаша декъалвойла Веза Эла. шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогІа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а. Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.
Выбор основного перевода