Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш. Деле кхойкхуш, Цо жоп луш хилла волчу, сох белам хилла сан доттагІашна. Нийса а, кхачаме а волчу сох кхардам хилла. Цара сох хІинца кхардаран йиш лоькху, сох лаьцна цара масалш а даладо. Царна со дегаза а хета, уьш сох къехка а къехка, со шайна гушшехь, туйнаш а кхуьссу цара. ГІалин кевнехь хиъна Іаш болчара сох лаьцна ца бешаш къамелаш до, чагІар муьйлучара а, сох буьйлуш, со шайн эшаршна юкъавалаво. Церан бІаьргашкахь хьо лаамийн эшарш локхуш волу а, хаза аз долу а илланча ву, цу тІе говза дечиг-пондар локхург а ву. Цара хьан дешнашка ладугІу, амма уьш кхочуш ца до.
Выбор основного перевода