Маннашан тІаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кІант хилла ГалІад. ГалІадах бевллера галІадхой.
ГалІадан тІаьхье иштта хилла: ЙиІазарх бевллера йиІазархой, ткъа Хьелакхах – хьелакхахой,
Асриалах – асриалхой, Шехемах – шехемхой,
ШамидаІах – шамидаІхой, Хьепарах – хьепархой.