Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьххьарлерачу кІентан цІе Маннаш тиллира Юсупа (иза «дицдайтар» бохучух тера ду). Цо бохура: «Дала сайна хилла халонаш а, ден цІа а дицдайтина соьга». Юсупа элира цуьнга: «ХІан-хІан, дада, хьалхарниг хІара ву, аьтту куьг цуьнан коьрта тІе дилла». Иза дийна а волуш, Эпрайман бераш а, берийн бераш а хилира. Маннашан кІантана Макирна дина бераш а, шен долуш санна, тІеийцира цо. Маннашан тІаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кІант хилла ГалІад. ГалІадах бевллера галІадхой. Маннашан кІант волчу Макиран тІаьхьенаша, ГалІад-махка а бахана, цигара эмархой дІа а лаьхкина, иза дІалецира. Иштта Мусас ГалІад-мохк Маннашан кІант волчу Макиран тІаьхьенийн дола дІабелира, ткъа уьш цигахь баха охьахевшира. Ткъа ГалІад-лаьмнех йисина ах а, ІовгІа паччахьан болу Башан-мехкан АргІаб-кІошт а ас Маннашан ахтайпанна дІаелира». (Башан-махках репахойн мохк олура. «ГалІад-мохк ас Маннашан кІант волчу Макиран тІаьхьенах болчарна дІабелира. Маннашан кІентий бара: арамхо йолчу гІарбаш-зудчо вина волу Асриал а, иштта ГалІадан да Макир а.
Выбор основного перевода