Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу гІаланашкара бахархой ара ца бахабелира Маннашан тайпанах болчу нахе, цундела канаІанхой цу лаьтта тІехь баха бисира. Шайн ницкъ алсамбаьлча, исраилхоша канаІанхошка шайна болх бойтура, амма цу махкара уьш массо а ара ца бехира цара. Эпрайман тайпанан а ницкъ ца кхечира ГІазарахь бехаш болу канаІанхой цу лаьтта тІера дІабаха. Эпрайман тІаьхьенца цхьаьна уьш цигахь баха бисира. (ПирІун волчу Мисар-мехкан паччахьо, ГІазар-гІалина тІе а гІоьртина, иза схьаяьккхинера. ТІаккха, и гІала цІергахь яга а йина, оцу гІалахь Іаш болу канаІанхой, байа а байина, Сулим-паччахьехь марехь йолчу шен йоІана томана еллера пирІуно и ГІазар-гІала.
Выбор основного перевода