Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Мардахайс аьлларг теллинчул тІаьхьа, паччахьна дІахиира, иза баккъал а бакъ дуйла. Паччахь вен барт бина волу ши гІаролхо дитта тІехь ирхъоьллира, ткъа паччахьна хьалха и массо а гІуллакхаш паччахьан хиламийн тептар тІехь дІаяздира. Цу буьйсанна наб яйнера паччахьан. Цо, шен пачхьалкхехь хуьлуш долу массо а хІума дІаяздеш долу тептар схьа а даийтина, иза шена дешийтира. Мардахай паччахь волчуьра аравелира, тІехь кІайн а, стигалан басахь а йолу паччахьан бедарш а йолуш. Цуьнан коьртахь доккха дашо таж а дара, тІехь таьІна-цІен вēтанан тоьллачу кІадинах йина йолу оба а яра. Шушан-гІалахь дІахІоттийна доккха деза де а дара, массо а халкъ доккхадеш а дара. Массо а меттигера элий а, тхьамданаш а, куьйгалхой а, паччахьан омранаш кхочушдеш болу хьаькамаш а жуьгташна гІо деш бара, шаьш Мардахайх кхоьру дела. Мардахай паччахьан цІен тІехь чІогІа дош догІуш стаг хилла дІахІоьттинера. Цуьнан сий пачхьалкхан массо а маьІІехула дІасадаьржира, хІунда аьлча иза, де дийне мел дели, лакхарчу дарже хьалаваьлла воьдуш вара.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Выбор основного перевода