Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхаж а тосуш, латта дІасадекъа. ХІора гаранна, шен тайпанан ден цІаре хьаьжжина, махкахь долу лаьттан дакъа кхочур ду. Хьепаран кІентан а, ГалІадан кІентан а, Макиран кІентан а, Маннашан кІентан а, Юсупан кІант волчу Цалпихьадан пхи йоІ яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца. Шайн тайпанашка хьаьжжина, кхаж тасарца дІадекъа и латта. Гара доккхаха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа кхачийта, ткъа жимаха делахь, цунна жимах долу дакъа кхачийта. Кхаж тасарца царна мел кхочург церан долахь хир ду. Шайн дайн тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дІадекъа и латта. Цалпихьад Хьепаран кІант вара, Хьепар ГалІадан вара, ГалІад Макиран вара, Макир Маннашан вара. Цалпихьадан цхьа а кІант вацара, йоІарий бен. Церан цІераш яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца. Динан дена ЭлиІазарна а, Нунин кІантана ЮшаІана а, тхьамдашна а тІе а баьхкина, цара элира: «Везачу Эло Мусана тІедиллина, тхан вежаршна юкъахь тхуна дакъош ло аьлла». Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, шайн ден вежаршна юкъахь дакъош делира царна.
Выбор основного перевода