Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІорш ду Везачу Эло Синай-лам тІехь Мусагахула Исраилан халкъана делла парзаш а, тІедехкинарш а, хьехамаш а. ХІорш ду Везачу Эло Синай-лам тІехь Мусагахула исраилхошна тІедехкина весеташ. Цул тІаьхьа Исраилан халкъо, новкъа а даьлла, Муаби-мехкан аренашка а деана, Йордан-хина малхбалехьа, Ерихон-гІалина дуьххьал, дІахІоттийра шайн меттамотт. Шаьш Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина юххерчу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Мусас а, динан дас ЭлиІазара а халкъе элира: Веза Эла вистхилира Мусага Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь уьш лаьттачу хенахь: Исраилан халкъ Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина уллохула догІучу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Везачу Эло Мусага элира:
Выбор основного перевода