Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара ду Нохьин тІаьхьенах хилларг. Нохьа хилла шен тайпанехь лела хууш а, Далла гергахь бакъахьара а, цІена а стаг. Иза Дела даг чохь волуш лелаш вара. Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хІоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Іамал а е, хьанал ваха, «Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа со Хьуна тешаме а волуш, доггах тІевирзина а хуьлуш, Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТІаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхІу. Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар. Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тІера. Уьш Соьца машарца а, догцІеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара.
Выбор основного перевода