Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хІуманашна тІехь: хи чуьра а, лаьтта тІера а дийнаташна тІехь а, лаьттан текхаргаш тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге лаьтта тІехь а». Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь. Адамах схьабевлла: ШатІа, Энош, Іийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча. Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кІант вара, ткъа Юсуп Іелин кІант вара, Іела Маттатан вара, Маттат Левин вара, Леви Мелхин, Мелхи Яннайн, Яннай Юсупан, Юсуп Маттит-ЯхІун, Маттит-ЯхІу Амосан, Амос Нахьуман, Нахьум Элсин, Элси НагІайн, НагІай Махьатан, Махьат Маттит-ЯхІун, Маттит-ЯхІу ШамІин, ШамІа Юсахан, Юсах Йовдин, Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран, Нера Мелхин, Мелхи Адин, Ади Къосаман, Къосам Іелмадин, Іелмади Іаьран, Билггал нийса а долуш, цІена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дІахІитта. Керла адам а хилий, дІахІитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц.
Выбор основного перевода