Шехемехь дІайоьхкира исраилхоша Мисар-махкара схьаеана Юсупан даьІахкаш. Уьш дІайоьхкина аре Шехеман да волчу Хьамуран кІенташкара Якъуба эцна яра, бІе дато ахча а делла. Юсупан кІенташна кхаьчна дара и лаьттан дакъа.
Иштта Іийса Шамран-махкара Суьхьар олучу юьрта кхочу. Якъуба шен кІантана Юсупна деллачу лаьттана юххехьа яра и юрт.