Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу лаьтта тІехь Іе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас дерриге а хІара латтанаш. Хьан дена ИбрахІимна Айса йина чІагІо кхочуш а йийр ю. Со хьоьца ву, Ас Іалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХІокху лаьтта тІе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дІатесна вуьтур вац». Со хьоьца Мисар-махка дІа а вогІур ву, цигара Ас хьо юха а валор ву. Хьан ши бІаьрг Юсупа дІакъовлур бу». Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гІо дийр ду. Кху лаьтта тІера Ша ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чІагІонца деллачу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Цо».
Выбор основного перевода