Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИсмаьІалан тІаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тІехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гІуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дІавигира. Ткъа цу хенахь маданхоша Мисар-махкахь пирІунан гІаролан хьаькам волчу Патипарна воьхкира Юсуп. ТІаккха церан дас Исраила элира: «Нагахь гІуллакх иштта делахь, хІокху вайн лаьтто луш долу тоьлла сурсаташ оцу стагана дІахьо: дарбане хьакхар а, моз а, хаза хьожа йогІу бецаш а, деза даьтта а, тайп-тайпана бІараш а. Царах шайн некъан мохь кечбе. ХІара бу Іаьрби-махках болу хаам. Дадданхойн къепалш, Іаьрби-махкарчу боьлакашкахь буьйса яккха дезар ду аша. ГалІадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хІунда ца тоделла те цаьрга?
Выбор основного перевода