Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара совгІаташ хьан лай йолчу аса сайн олахочунна деана ду, цунна гІуллакх деш лелаш болчу кегийчу нахана дІадала. НаІаман, шеца хилла болу нах а балош, ЭлишаІ волчу юхавеара. Цо, пайхамарна хьалха дІа а хІоьттина, элира: «ХІинца хиъна суна хІокху дуьнен чохь, Исраилан халкъан Дела воцург, кхин дела воцийла. ДІаэцахьа хьайн лай волчуьнгара хІара совгІат». НаІамана элира: «Схьаэцахьа йиъ пунт дети». Цо дехарш дора, схьаэца бохуш. ТІаккха дети а, хуьйцуш юха ши бедар а, шина тІоьрмаг чу а йиллина, иза дІабихкира НаІамана. Шен ялхойх шиъ, ГІайхьазина хьалха а ваьккхина, и тІоьрмагаш цаьрга дІабахьийтира цо.
Выбор основного перевода