Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дала мел кхоьллинчо дина а ца Іаш, дуьххьарлера ялтин стом санна, Делан Са вайца доллушехь, вай а ду кийрахь узарш деш, Дала вайна Шен берийн бакъонаш яларан замане ла а доьгІуш. Оцу хенахь Дала вайн догІмаш паргІатдохур ду. Лаьттара четарш санна долчу хІокху догІмашна чохь а долуш, баланаша ницкъ барна синош доху вай. ХІунда аьлча вайна ца лаьа тІеюьйхина хІума йоцуш ваьш хуьлийла, амма стигалшкара долу керла духар ваьшна тІедухийтина хила лаьа вайна, дахаре лен дерг дІакхаллийтархьама.
Выбор основного перевода