Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Іийсас нах къинойн олаллех паргІатбахар бахьана долуш. Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. ХІунда аьлча Далла тамехь дара Шен мел йолу амал кхоччуш Цуьнгахь хилар. Далла лиира Цуьнгахула стигалахь а, лаьттахь а долу дерриг а хІума Шеца тайта. ЖІара тІехь Іанийначу Шен КІентан цІийгахула царна а, Шена а юкъахь барт бира Цо.
Выбор основного перевода