Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Оцу нехан дегнаш чІагІде, лергаш къорде, бІаьргаш дІакъовла, церан бІаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тІе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара». Товрат а, пайхамарша яздинарш а дешначул тІаьхьа гуламан цІийнан хьаькамаша кхарна тІе хабар даийтира: «Вежарий, нагахь нахана пайденна хин долу хІума ала шун делахь, ала шайна», – аьлла. Динан вежарий! Суна ца лаьа, хІара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Іайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хІуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тІедерззалц.
Выбор основного перевода