Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дІахІиттабе аьлла, мукъам балочу гІирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негІаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама. ХІаймана а, Асайпа а, Этана а цІестан негІаршца чІоггІа мукъам бало дезара. Ярушалайман пен къобалбечу хенахь массо а левихо уьш мел Іаш болчу гІаланашкара Ярушалайме схьакхайкхинера. Левихой схьакхайкхинера, пен къобалбечу хенахь тайп-тайпана дечиг-пондарш а шинна а куьйгаца дуьхь-дуьхьал тухуш долу жима цІестан негІарш а тухуш, Далла лерина йолу назманаш ала а, Цунна хастамаш бан а.
Выбор основного перевода