Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Хьалхара кхаж Асайпан тІаьхьенах волчу Юсупан белира. ШолгІаниг – Гадал-ЯхІун а, цуьнан вежарийн а, кІентийн а белира. Уьш шийтта вара. КхоалгІаниг – Закхуран а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. БоьалгІа кхаж – Изрин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. ПхоьалгІа кхаж – Натан-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. ЙолхалгІа кхаж – Букъи-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. ВорхІалгІаниг – Ясар-Элан а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. БорхІалгІаниг – ЯшаІ-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. УьссалгІаниг – Матан-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. УьтталгІаниг – ШамаІин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. ЦхьайтталгІаниг – Іазариалан а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. ШуьйтталгІаниг – Хьашби-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. КхойтталгІаниг – Шубиалан а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. БейтталгІаниг – Маттит-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. ПхуьйтталгІаниг – Ериматин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. ЯлхитталгІаниг – Хьанан-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. ВуьрхІитталгІаниг – Йошбикхашан а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. БерхІитталгІаниг – Хьананин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. ТкъайоьсналгІаниг – Малутин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. ТкъолгІаниг – Эли-Атин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. Ткъе цхьалгІаниг ХІутиран а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. Ткъе шолгІаниг – Гидалтин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. Ткъе кхоалгІаниг – Махьзиутан а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. Ткъе боьалгІаниг – Румамти-Іезаран а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. Цигахь шайн тІаьхьенашца гІуллакх динарш хІорш бара: кхахІатхойн тІаьхьенах зурманча вара ХІайман. Иза Юалан кІант вара, ткъа Шамъалан кІант вара Юал. ХІайманна аьтту агІор лаьттачу цуьнан гергара волчу Асайпа зурманчин гІуллакх дора. Асайп вара Берех-ЯхІун кІант. Берех-ЯхІу ШимІин кІант вара. Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дІахІиттабе аьлла, мукъам балочу гІирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негІаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама. Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХІайман, Ядутун, кхиболу, хІораннан а цІе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хІунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Ярушалайман пен къобалбечу хенахь массо а левихо уьш мел Іаш болчу гІаланашкара Ярушалайме схьакхайкхинера. Левихой схьакхайкхинера, пен къобалбечу хенахь тайп-тайпана дечиг-пондарш а шинна а куьйгаца дуьхь-дуьхьал тухуш долу жима цІестан негІарш а тухуш, Далла лерина йолу назманаш ала а, Цунна хастамаш бан а.
Выбор основного перевода