Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Гоба-гІалахь кхин а тІом хилира пІелаштамхошца. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн гаранах волу Сапа вийра. Кхин а цхьа тІом хилира пІелаштамхошца Гобахь. Цигахь Байтлахамарчу ЯІар-Орагайман кІанта Элхьанана гатихо волу ГІолиат вийра. Гатихочун гоьмукъа тІера гІаж кІадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гІаж санна яра. Гати-гІалахь кхин а хилира тІом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пІелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пІелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара. Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШамаІин кІанта ЯхІунатас вийра. И виъ стаг Гати-гІаларчу турпалхойн гаранах вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.
Выбор основного перевода