Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Дауда церан паччахьан коьртара деших дина, дезачу жовхІарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж цхьа гали деших дина дара. И таж Даудан коьрта тІе диллира. Цо дуккха а хІонс араяьккхира цу гІалара. Дауда, Рабба-гІалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дІахІиттийра. Ткъа иштта кибарчигаш а йоттура цара. Цо массо а Іамминхойн гІаланашкахь и тайпа белхаш дІахІиттийра. Цул тІаьхьа Дауд а, цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.
Выбор основного перевода