Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цхьа хан яьлча, Іамминхойн паччахь велира. Цуьнан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Хьануни. Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кІантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан. Даудан ялхой Іамминхойн махка бахара. Амма Іамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тІе догъоьцурш? Дауда шен ялхой бахкийтина, хьан гІалахь дерг дикка талла а теллина, цул тІаьхьа иза йохо дагахь». Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лаьцна, хІораннан а ах маж дІаешира, цул тІаьхьа, царна тІера бедарш вареш тІе кхаччалц дІа а хедийна, уьш дІахийцира. Иза шена дІахезча, Дауда шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира, уьш чІогІа юьхьІаьржачу хІиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц, Ерихонехь совца. Цул тІаьхьа цІа догІур ду шу», – аьлла. Даудана шаьш, лаьхьанна тоьхна гІаж санна, боьха хетийла хиъча, Іамминхоша Байт-Рахьубера а, Цобера а ткъа эзар гІашло волу арамхо лецира. МаІхин паччахь волчуьра – цхьа эзар стаг, ткъа ТІобера шийтта эзар стаг лецира. Шена иза хиъча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тІемалой а болуш. Іамминхой, гІалин кертара ара а бевлла, тІамана кечбелла дІахІиттира. Ткъа Цобера а, Байт-Рахьубера а арамхой, иштта ТІобера а, МаІхера а нах шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара. МостагІчун эскарийн могІарш шена тІехьа а, хьалха а дІахІиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тІемалой арамхошна дуьхьалбехира. Кхиболу эскархой цо шен вешига Абушайга дІабелира Іамминхошна дуьхьалбаха. Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гІо дийр ду, нагахь санна Іамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гІо доккхур ду. Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гІаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду». Йоаб шен эскарца арамхошна тІелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дІабахара. Іамминхой, шайна арамхой уьдуш гича, Абушайна дуьхьал бевллачуьра бевдда гІала дІабахара. Іамминхой болчуьра юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара. Арамхоша, шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, цхьаьна а кхетта, юха а эскар дІахІоттийра. ХІадад-Іезар-паччахьо Эпрат-хил дехьа Іаш болчу арамхошка схьакхайкхира. Уьш, ХІадад-Іезаран тІеман хьаькам волчу Шобаха, куьйгалла а деш, Хьайламе схьагулбелира. И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хил дехьа а ваьлла, Хьайламана тІе боьдучу новкъа велира. Цигахь арамхой Даудана дуьхьал дІахІиттира. Уьш вовшех летира. Амма арамхой исраилхойх бевдда дІабахара. Церан гІудалкхех Дауда ворхІ бІе хІаллакйира, ткъа дошлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тІеман хьаькам волу Шобах а, чов а йина, лазийра, иза циггахь велира. ХІадад-Іезаран куьйга кІел хилла болчу паччахьаша, шаьш исраилхоша эшош хилар гича, Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой Іамминхошна гІо дан кхин ца хІуттура.
Выбор основного перевода