Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
Вовшашка маршаллаш ло Делан безачу безамца. Маршаллаш доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун динан массо а тобанаша. Массо а динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга. Доггах вовшашка маршалла хатта. СинпаргІато а, тешарца болу даггара безам а хуьлийла динан вежаршна Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Іийсана муьтІахь а хилла, Цуьнан цІийца шу цІиндалийта. Делан дика а, синпаргІато а шорта хуьлда шуна!
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода