Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цІа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цІе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цІа чохь дуккха а адам гулделлера доІанаш дан. Кипас ков тоьхча, Рода цІе йолу ялхо дуьхьалъелира. Цунна озах Кипа вевзира. Хазахетар совдаларна, ков дІаделла йиц а елла, юха чуедира иза. «Кипа кевнехь ву!» – элира цо. «Хьо лартІехь юй!» – бохура цуьнга. Амма иза иштта ду бохура Родас. «Иза Кипин малик ду», – аьлла, сацам бира цара. Цу хенахь Кипа ков детташ вара. Эххар а ков дІадиллича, иза ган а гина, чІогІа цецбевлира уьш. Куьйган эшарца уьш совца а бина, Кипас дийцира ша Дала набахтера араваккхарх лаьцна. «Кхунах лаций Якъубана а, кхечу вежаршна а дийцалаш», – аьлла, кхечу метте дІавахара иза. ШолгІачу Іуьйранна тІемалой боьхна хьийзара, цхьанна а ца хаьара Кипех хилларг. ХІарода омра дира, массанхьа а иза лаха аьлла, амма лехарх гІуллакх ца хилира. ТІаккха цо, тІемалошка барт а хаьттина, уьш байийтира. Цул тІаьхьа ХІарода, ЯхІуд-махкара Кхесрин-гІала а вахана, цигахь жимма хан яьккхира. ХІарод Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахаца барт ийгІина вара. И нах цуьнга шаьш тІеэцийта лууш бара. Паччахьан цІентІехь куьйгалхо волу Балсат цІе йолу цхьа стаг бертавалийра цара шайна гІоьнна. Цу наха машар бийхира, хІунда аьлча ХІародан пачхьалкхера чудахьаш дара царна доу хІума. Билгалдаьккхинчу дийнахь паччахьан духар а дуьйхина, паччахьан гІанта тІе а хиина, нахе вистхилира ХІарод. Наха маьхьарий хьаькхира: «Иза Делан аз ду, адаман аз дац!» – аьлла. Амма ХІарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НІаьнаша ваарна, хІаллакьхилира иза. Цу хенахь Делах долу Дош дІасадаьржаш дара. Шайна тІедиллина гІуллакх Ярушалаймехь чекх а даьккхина, вухавеара Бар-Нааб а, Шаул а. Марк аьлла кхин а цІе йоккхуш волу Яхьъя а валийра цара шайца. Лака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тІехь суна пайден хир ву иза. Цу кеппара майранаш а хила беза шайн зударшца дика, уьш гІорасиза хилар а хууш. Уьш лара, хІунда аьлча божаршца цхьаьна дахаран совгІат кхочу цаьрга. ТІаккха шун доІанашна дуьхьало еш хІумма а хир дац.
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода