Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен цІе ларъярхьама Везачу Эло Шен къам дІатесна дуьтур дац, хІунда аьлча Шен лаамца Цо, шу Шен къам ду аьлла, хаьржина. Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со, кхачаме а, цІенна а, ткъа хІинца хІаллак хІунда во Ахьа со? Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар. ХІинца юха а сох чан ян воллу те Хьо? Асайпан хьехаме назма. Ва Дела, тхо гуттаренна а дІа хІунда тесна те Ахь? Хьайн жа санна долчу тхуна дар хІунда велла те Хьо? Ткъа тхо, Хьан халкъ, Хьан дежийлашкара уьстагІий, массо а ханна Хьуна хастамаш беш хир ду, оха тІаьхьенера тІаьхьене а Хьан сийлалла дІакхайкхор ю. Якъубан тІаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дІанисдинчу а Везачу Эло хІинца иштта боху: «Ма кхера – Ас мах баларца паргІатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цІе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду. ТІаккха царна дІахуур ду, церан Веза Дела волу Со шайца вуйла, Исраилан халкъ долу уьш Сан къам дуйла». Иштта боху Хьалдолчу Эло. «Шу – Сан уьстагІий долу адамаш ду, Сан дежийлашкара уьстагІий. Ткъа Со шун Дела ву». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гІуллакхаш вайга кхочушдайтархьама.
Выбор основного перевода