Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалш сакъералойша, латта даккхийде! ДІаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!» Хьайн ницкъаца Ахь лаьмнаш дІахІиттадо, Хьайн гІодаюккъехь гІора а Ахь латтадо. ДІаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чІогІа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь». Веза Эла паччахьалла деш ву: дуьне доккхадеш хуьлийла! ХІордан йистехь мел дехаш долу къаьмнаш а сакъералуш хуьлийла! Везачу Эло паччахьалла до: дегадойла халкъаш! Иза каруб-маликашна тІехула йолчу Шен Іаршана тІехь хиъна Іаш ву: дегадойла латта! Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Сан Веза Дела, Хьо инзаре воккха ву, паччахьан сий а, исбаьхьалла а Хьан духар санна ду. ГІаттахьа, Веза Эла, гІо дехьа тхуна! Хьайн ницкъаца тхо кІелхьардахахьа. ГІаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна, дІаяханчу тІаьхьенийн деношкахь санна! РахІаб-саьрмик дІахедийнарг Хьо вацара ткъа? Цу хІордан саьрмиках тур Іоьттинарг Хьо вацара ткъа? Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гІовгІанах я чІогІачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла.
Выбор основного перевода