Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа татол ду Делан гІалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Іаш волу еза меттиг ю цигахь. «ГІаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана, Везачу Элан сийлалла хьуна тІехула хьала ма яьлла! Хьажал, бодано латта дІахьулдийр ду, халкъаш а Іаьржачу боданна кІел гІур ду, амма хьуна тІехула Веза Эла садаржаран серлонехь гІоттур ву, Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тІехь. Везачу Элан карахь сийлаллин таж хир ду хьо, хьайн Делан кераюккъехь паччахьийн чалба хир ю.
Выбор основного перевода