Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, со кІелхьарваккхар Хьайна тамехь хилийтахьа. Веза Эла, суна гІоьнна тІеван сихлохьа. Сан са хІаллакьхилар лоьхурш юьхьІаьржачу а хІуьттийла, царна эхь а дуссийла! Суна зулам хила луурш, юьхьІаьржачу а хІиттийна, юха а берзабойла! Со емалвархьама, соьга: «Жолам-яІ!» – бохурш, шайна эхь доссарна, боьхна хьийзийла. Хьо лоьхуш болу массо а Хьо бахьанехь хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла! Ахь шаьш кІелхьардахар дезаш болчара «Сийлахь ву Веза Эла!» – саццаза олийла. Со-м къен а, миска а ву. Хьалдолу Эла, сан гІайгІа бехьа! Хьо ву суна гІо дийриг а, со паргІатвоккхург а. Ва сан Дела, хье ма лохьа! Суна гІо дан сихлохьа, Веза Эла волу, сан КІелхьарвоккхург!
Выбор основного перевода