Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо биц ца бина Шен хедар боцу безам а, Исраилан халкъана Ша тешаме хилар а. Лаьттан массо а маьІІера болчу нахана дІагина вайн Дала Шен халкъ кІелхьардаккхар. хІунда аьлча сан бІаьргашна гира адамаш кІелхьардоху дерг, Ахь массо а халкъашна хьалха кечдина долу. Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю, Хьан Исраилан халкъан сий а ду!» Цунна дика хаьара Везачу Элан некъах лаьцна. Даггара а, нийса а дуьйцура цо Іийсах лаьцна, Яхьъяс нах хих чекхбахарх лаьцна бен шена ца хуъушехь. Цо майрра дуьйцура гуламан цІийнехь. ПхьаьрскІилатана а, Іакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цІа дІа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна. ХІунда аьлча массо а адамашна кІелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира.
Выбор основного перевода