Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесачеран бІаьргашна са кІезиг гур ду, шаьш кІелхьарбовла церан йиш хир яц. ТІаьххьара а, садалар бен, церан сатуьйсийла хир яц». Сан мостагІий бахьанехь ур-атталла сан лулахоша а тІехдетта суна, со вевзаш берш а дІакъехка сох. Урамехь со гинарш а дІабовду сох. Со емалваро сан дог а дохийна, со холчу а хІоттийнера. Аса сайх къинхетам бар лоьхура, амма иза бацара суна. Аса сайн догъоьцурш лоьхура, амма уьш ца карийра суна. ХІунда аьлча Иза гІийлачарна аьтту агІор тІехІутту, царна кхел йиначеран карара уьш кІелхьарбахархьама. Нах бойуш лелачарна цІена стаг а ца веза, ткъа догцІена берш иза ларвеш хуьлу. Аса хьуна могушалла юхалур ю, хьан чевнаш а тойийр ю, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча хьан мостагІаша боху: „Цийон юхатеттина ма ю, цунах цхьаммо а гІайгІа ма ца бо“».
Выбор основного перевода