Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Левихойн доьзалийн баьччанаш болу илланчаш Делан цІийнан кертахь йолчу чоьнаш чохь Іийра. Уьш кхечу гІуллакхех мукъабаьхна бара, хІунда аьлча цара дийнаххьий, буьйсанний шайн корматалла дІакхехьа езара. ХІора Іуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана баркалла а кхайкхош, хастамаш бан а безара левихоша. Цуьнан лаамаш кхочушбеш болу ялхой болчу стигалийн массо а ницкъаша декъалвойла Веза Эла. Везачу Элана бу хастам! Везачу Элан ва ялхой, Цунна хастам бе! Везачу Элан цІе аша хаста а е! Везачу Элана бу хастам! Хастаейша Везачу Элан цІе, хастаейша иза, Везачу Элан ялхой, Везачу Элан цІенна уллохь гІуллакх деш болу, вайн Делан цІийнан керташкахь лаьтташ болу.
Выбор основного перевода