Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна аша са ма гатде. Аса йолхалгІачу шарахь Сайн беркат доссор ду шуна тІе, тІаккха цу шарахь шуна кхаа шарахь даъал рицкъа хир ду. Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тІера Хьермон-ломана тІекхаччалц долу хІара латта схьадаьккхира вай. Арнон-хина йистехь йолчу ІаруІер-гІалара Сириюн-ломана тІекхаччалц. (Сириюнах Хьермон-лам а олу). Шун чІоьнашкахь а, шун куьйгаш дІакхеттачу массо а хІуманна тІехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тІехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала. Дийнахь Везачу Эло Шен безам суна тІехьажабо. Буьйсанна соьгахь илли ду Цунна – сан дахаран Деле долу доІа. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Элах тешаш верг Цийон-лам санна ву. Иза меттах а бер бац, массо а ханна лаьттар а бу. Лаьмнаша Ярушалаймана го баре терра, Веза Эла Шен халкъана гонах ву, хІинца дуьйна массо тІейогІучу ханна. Схьадола соьца Ливанунера, сан нускал, схьадола соьца Ливанунера! Амана-лома тІера сихло, Саниран а, Хьермонан а баххьашкара, цІоькъабергийн лаьмнаш долчуьра, лоьмийн баннаш долчуьра схьайола. Паччахьо Шена аьтту агІор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тІедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дІаэца. Иза шуна деш долу совгІат ду, ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дІахІуттур ду». Ткъа Хьо волчохь хедар доцу дахар бохург ду: цхьаъ бен воцу бакъволу Дела волу Хьо а, Ахьа дуьнен чу вахийтина волу Айхьа леррина къобалвина волу Іийса а вовзар. И тоьшалла иштта ду: Дала вайна хедар доцу дахар делла. Ткъа и бакъдолу дахар Цуьнан КІантаца ду.
Выбор основного перевода