Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн бІаьргашкахь со кхин а кІезиг хилла дІахІуттийла, амма ахьа буьйцуш болчу гІарбашашна юкъахь сан сий хир ду хьуна». Ахь хаьттира: „Мила ву Сан Іалашонаш хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг?“ Бакъду, со ца кхеташ долчу хІуманех лаьцна, сайна а ца хаъал дукха хала долчух лаьцна дуьйцура ас. Къайлаха шайна уллорачарна луьйш берш ас дІасовцор бу. Кура бІаьргаш а, кура дог а дерш сайна уллохь хуьлуьйтур бац. Хьо лакхахь велахь а, Веза Эла, лахахь верг а го Хьуна. Кура верг а геннара вевза Хьуна. Везачу Элана дегаза хета хІора ша лакхара хетарг – шеко йоцуш таІзар даза буьсур бац уьш. Нах лахбийр бу, адамаш охьатаІор ду, ткъа курачийн бІаьргаш а охьахьовсуьйтур бу. Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а Шен гІуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таІзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бІаьргаш дозаллех буьзна хиларна а». Барух, Аса хьайна даккхий гІуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хІунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, – боху Везачу Эло. – Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хІонс санна, лур ду›’“». Вовшашца бертахь Іелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тІекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш.
Выбор основного перевода