Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Бqac*илггала Хьох тешна ву со, сан Дела! Со юьхьІаьржачу ма хІоттийтахьа. Сох мостагІий ма кхардийтахьа. qac Бqac*ерриш а Хьоьга хьоьжурш юьхьІаьржачу хІуьттур бац, ткъа бахьана доцуш ямартло йийраш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц. Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гІо дийр ду. Хьанал нах цкъа а бегийна хир бац, амма Іеса нах дуьнен тІехь буьсур бац. Хьекъалаллица шега бохучуьнца лелаш волчунна аьтто карор бу, ткъа Везачу Элана тІетевжаш верг декъала хир ву. Шена пайда лохуш волчу стага девнаш доху, ткъа Везачу Элана тІетевжачо дика хьоьгу. Адамех кхерар – стагана хІоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тІетевжаш верг кІелхьарвоккхур ву. Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гІалане Цийоне дІахьажал. Хьан бІаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чІагІдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац.
Выбор основного перевода